ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бераш митинге ма кхийла аьлла Кадыровс


Бераш митингашка а, кхечу политикан акцешка а кхийла мегар дац аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Интернет машанашкахула политикан митингашка шайн доьзалш а балабе бохуш, бечу кхийкхамах комментари йитина Кадыровс шен официалан агIон тIехь Телеграмехь.

"Со дуьхьал ву цу кепарчу митингашкахь кхиазхой хилийта", - яздо мехкан куьйгалхочо.

Цкъа делахь кхераме ду царна, боху цо, иштачу акцешкахь, хIунда аьлча цигахь провокацеш а, вовшахтийсадаларш а нислуш хиларна.

ШолгIа делахь, бераш шайн чохь диса деза, баккхийчеран ловзаршка а ца оьхуш, аьлла Кадыровс.

"Бералла йитиша берашна. Шайн ойланаш ма яхка церан коьртеш чу, шайн стереотипашца, политикан хьежамашца ма кхиабе уьш", - аьлла, кхайкхамбина куьйгалхочо баккхийчаьрга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG