ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIара кIира чекхдолуш кхо де мукъа хир ду Оьрсийчохь


 "Халкъан цхьааллин де" Соьлж-ГIалахь. Архивера сурт.
"Халкъан цхьааллин де" Соьлж-ГIалахь. Архивера сурт.

ХIара кIира чекхдолуш моггIара 3 де мукъа хир ду Оьрсийчохь - Лахьан-беттан 4-гIа а, 5-гIа а, 6 -гIа а. Иза доьзна ду цу пачхьалкхехь даздеш "Халкъан цхьааллин де" олу дезде хиларца.

Хьалхо Оьрсийчоьнан Феделаран къинхьегамхула а, белхан меттигаш хилийтарехула а сервисан куьйгалхочун когаметто Шкловец Ивана хаам бинера, кху шарахь "Халкъан цхьааллин де" шотдийнахь хиларна иза даздар тIаьхьатоттуш ду оршотдийне аьлла.

ТIедогIурш тIаьххьара деха мукъа денош ду кху шарахь. 10 дийнахь дахлур долу рогIера мукъа денош доьзна хир ду Керла шо даздарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG