ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Советан Пачхьалкхехь хилла репрессеш емалйина Евкуровс


ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Архивера сурт.
ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Архивера сурт.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека емалйина Советан Пачхьалкхехь хилла репрессеш. Инстаграмерчу шен агIонехь цо яздина, "миллионащ адамаш, шайна юкъахь вайн республикан бахархой а болуш, чекхебевлира махках бахарх а, политикан тутмакхаш чохь бахкочу лагерех а» аьлла.

Нохчий а, цхьамогIа кхин долу къаьмнаш а санна, 1944-чу шарахь Сталинан Iедало, махках а баьхна, Юккъерчу Азе а, Казахстане дIахьовсийнера гIалгIай а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG