ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIаьвше меттигаш цIанйина Нохчийчохь


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Нохчийчуьрчу экологина кхераме йолу 7 объект цIанйина Нохчийчохь. И белхаш бина «ЦIена мохк» цIе йолу проект кхочуш еш, яздо vestikavkaza.ru сайто.

Юьйцурш ю мехкадаьтта луьттуш болх бинчул тIаьхьа йисина кочалла латто меттигаш. Цу тайпа 7 меттиг (50 гетар) цIанйина Девлетгирин-эвлана а, Горячеисточненски юьртана а гонаха.

Болчу хаамца, Нохчийчохь цIанъян езаш ю цу кепара кхин а 19 объект.

2025-чу шарахь дIаерза езаш йолу «ЦIена мохк» проект кхочушъян йолийна Оьрсийчохь 2017-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG