ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз а детташ, хулиганалла лелорна кхел йийр ю Джабраилов Iумарна


Джабраилов Iумар. Архивера сурт.
Джабраилов Iумар. Архивера сурт.

Москох Тверан кIоштан кхело луьстур ду Нохчийчоьнан цIарх Федерацин Кхеташонехь сенатор хиллачу Джабраилов Iумаран гIуллакх, хаам бо Интерфаксо. Джабраилов бехке веш ву Four Seasons хьешан хIусамехь герз кхиссарна.

Хууш ма хиллара, цунна бехке диллина, герз а детташ, хулиганалла лелор. Экс-сенатор ша бехке хиларна къера хилла.

ДIадаханчу еаридийнахь кхело Джабраилов бехкехилар тIечIагIдира, наркотикех я, лоьрашкара кехат а доцуш, психотропан молханех пайдаэцна хиларна.

Джабраиловс бехк тIелаьцна. Кхело 4 эзар сом гIуда хьарчийна цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG