Бохам хилла кIирандийнахь, 29-чу дийнан буьйсанна. Теркйист кIоштан Бена-юьртахь. Юьрта юккъехь машено хьаьшнарг ву шовзткъа шо долу Уразбиев Мохьмад.
Дийцарехь, иза лоьрашна тIе а кхачавале кхелхина. Куьг бехкениг оццу юьртара вахархо Iедало лаьцна дIавигна. Талламхошна хетарехь, цу бохаман бахьана машен чехка хахкар ду.