ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайна тIелатар дайтинарш Оьрсийчохь бу, боху Осмаевс


Осмаев Адам.
Осмаев Адам.

Украинерчу Дудаев ЖовхIаран цIарх шайн лаамечеран нохчийн батальонан куьйгалхо хиллачу Осмаев Адама дIахьедар дина, шена а, шен хIусамнанна Окуева Аминина а тIелатар дайтинарш Оьрсийчохь бу аьлла. Цунна хетарехь, Украинин Лаккхарчу Радан депутатана Мосийчук Игорна дина тIелатар а, шена а, шен хIусамнанна а дина тIелатар а доьзна ду.

Украинерчу зорбанан гIирсашна интервью луш, Осмаевс элира, шен хIусамнанна гIо дан гIоьртира ша, амма дендарг коьртах кхеттера цунна аьлла. Украинехь лелаш терроран тоба ю, бохуш вара иза.

Окуева Амина юьш машенна урхалла деш хилла Осмаев Адам. Цунна дендарг кхетта когах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG