ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дов даьллачехь урс тоьхна нохчи вийна Москох


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийн шина вешин дов даьлла хилла Москох Измайлово кIоштахь Кхарачой-Чергазийчуьрчу шина стагца, хаам бо «Москва» агенталло. Цу шина стага шина вешина арсаш диттина.

Чевнаш хилларш дарбанан хIусаме дIабуьгуш шина вешех воккхахверг (25 шо) велла, гайх урс кхетар бахьана долуш. 23 шо долчу цуьнан вешина урс тоьхна хилла когах.

И зулам дарна бехке веш полицино лаьцна Кхарачой-Чергазийчуьра 28 а, 30 а шераш долу ши стаг. «Москва» агенталло бинчу хаамца, толлуш ду бехктакхаман гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG