ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министран Аваковн кIант лаьцна полицино Украинехь


Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Аваков Арсен.
Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Аваков Арсен.

Украинехь лаьцна чоьхьарчу гIуллакхийн министран Аваков Арсенан кIант Аваков Александр а, министран когаметта хилла Чеботарь Сергей а. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион украинахойн сервисо.

Хьалхо хаамаш баьржинера Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло "рюкзакаш" олу тIоьрмагаш эцарца доьзна бехктакхаман гIуллакх толлуш Аваков Александран хIусамашкахь таллам бу дIахьош аьлла.

Бозбунчалла лелийна хила мега аьлла шеко йолуш, таллам болийнера Украинехь ши шо хьалха, журналисташа Iора яьккхина информаци бахьана долуш. Цу хаамца а догIуш, Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралла тоьрмагаш оьцуш хиллера министро Аваков Арсена а, цуьнан кIанта а Iуналла дечу фирманашкара.

Цул тIаьхьа интернетехь видео гучуелира Аваков Александар а, цуьнан ден, министран Аваков Арсенан, когаметта Чеботарь Сергей а мах беш а волуш яьккхина йолу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG