ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь таIзар дан мега "Ахмат" футболах ловзуш хьажа ца баханчу студенташна


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу Iедалша шайн тидаме оьцуш бу «Ахмат» футболан тоба ловзуш хьажа ца боьлхуш болу студенташ. Иштта ГIадужу-беттан 30-чохь «Ахмат» а, «Анжи» а Соьлж-ГIалахь левзинчул тIаьхьа республикерчу администрацино меттигерчу университетийн а, институтийн а куьйгалхошна омра делла футболе хьажа ца баьхкинчу студентийн цIераш схьагулйе аьлла, хаам бо «Кавказ.Реалиино».

Хьалхо цу портало яздинера, Нохчийчуьрчу Iедалша «Ахмат» тоба ловзуш нуьцкъала футболе хьовсуьйту меттигера студенташ аьлла.

«Ахмат» тобано ХIинжа-гIаларчу «Анжина» тIехь толам ца баьккхина аьлла, шен дарж дитина Соьлж-ГIаларчу футболан тобанан коьртачу тренеро Кононов Олега.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG