ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан полицино лаьцна Нью-Йоркехь адамаш дайина стаг


1амерка -- Нью-Йорк, террорхочо нах байина пикап. 31.10.2017.
1амерка -- Нью-Йорк, террорхочо нах байина пикап. 31.10.2017.

Нью-Йоркехь 8 стаг а вуьйш, 10 сов стаг лаза а веш, зулам дарна шеко йолуш лаьцна 29 шо долу Саипов Сайфулло. Цунна бехке дуьллуш ду Лахарчу Манхэттен кIоштахь пикап машен наха тIейеттар.

Инцидент хилла 2001-чу шарахь Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь тIе кеманаш тоьхна йохийна Дуьненаюькъара махбаран центран гергахь. Иза терроран акт лаьрра Iедалша.

Адамаш дайинчул тIаьхьа тесна йитинчу машен чохь кехат карийна иза яздинчо ша «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан агIонча хилар хоуьйтуш.

Болчу хаамца, Саипов Iамерке кхаьчна хилла масийтта шо хьалха Узбекистанера. Иза вехаш хилла Нью-Джерси штатерчу Патерсон гIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG