ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Йоккха этнографин диктант» язйийр ю Нохчийчохь


Архивера сурт.

«Йоккха этнографин диктант» олу Ерригоьрсийчоьнан акци хир ю Оьрсийчохь Лахьан-беттан 3-чу дийнахь, хаам бо kavtoday.ru сайто. Иза хьажийна ю "Халкъан цхьааллин де" даздарна. Диктант язъян аьтто хир бу 15 шарал тIаьхваьллачу хIора вахархочун.

Цу акцехь дакъалаца дагахь Нохчийн Республика. Цу Iалашонца меттигерчу школашкахь а, техникумашкахь а, колледжашкахь билгалъяьккхина ю 52 меттиг.

Соьлж-ГIалахь и мероприяти дIахьура ю Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь а, Нохчийн энергетикан техникумехь а, Нохчийн политехникан техникумехь а, Мехкадаьттан университетехь а, ткъа иштта гIаларчу школашахь а, гимназешкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG