ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскархошна чевнаш йина Нохчийчохь


Нохчийчоь - Янди-кIотарахь тIемалойн цIенош дагийра Iедалша 2014-чу шарахь. ГIура-бутт.2014
Нохчийчоь - Янди-кIотарахь тIемалойн цIенош дагийра Iедалша 2014-чу шарахь. ГIура-бутт.2014

Оьрсийчоьнан Нохчийчохь долчу тIеман декъан эскархошна чевнаш йина Лахьан-беттан 1-чу дийнахь, граната а иккхина, хаам бо «Кавказский узело». ТIехьа-Мартанан кIоштахь Янди-кIотаран гергахь хилла иза.

Хьуьнхахь нохчийн тIемалоша тесна йитина блиндаж а карийна, цу чубовла гIерташ хилла эскархой, леррина цига йиллина граната оьккхуш.

Чевнаш хилларш дIакхачийна госпитале. Уьш дийна буьсур бу аьлла, жамI дина лоьраша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG