ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман Iедалан эскарша дIалаьцна Дейр-эз-Зор


Шема -- Дейр-эз-Зор, ГIад.31, 2017
Шема -- Дейр-эз-Зор, ГIад.31, 2017

Шеман Iедална муьтIахь долчу эскарша а, церан бертахоша а буьззинчу барамехь шайн Iуналле эцна Дейр-эз-Зор гIала, хаам бо Reuters. Иза тIаьххьара гIала яра «Исламан пачхьалкх» (ДАIИШ) олучу тобанан карахь хилларг.

Шеман Iедалша и хаам цкъачунна тIечIагIбина бац. ГIалахь хIинца а йисина ДАIИШ-ан тIемалойн тобанаш, хаам бо Reuters, Шеман эскарерчу хьастана тIе а тевжаш.

Дейр-эз-Зорна тIедуьйладеллера Шеман Iедалан эскарш ГIадужу-беттан 18-чу дийнахь. Цу гIалана Iуналл деш яра «Исламан пачхьалкх» олу тоба 2014-чу шарахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG