ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат: "Низамаш лардеш делахь, толам ца хила йиш яц вайн!"


Чири-эвларчу Гехаев Хьасанан адвоката дуьйцу кIант лацарх, цуьнан бехкцахиларх, низамаш махкахь лардеш делахь, иза маьршавоккхур хиларх а.

Шелан кIоштарчу Чири-эвлара а, Жимачу-АтагIара а стохка гурахь полисхоша рогIера рейдаш дIахьош, лецна бигира 28 герггга кегийрхой. ХIеттахьехь, хеттарш дина, йиттина-Iоьттина цIа бахкийтира берриш а, царех шиъ висалц.

Чири -эвлара Балатбиев Изновр а, Гехаев Хьасан а вара Iедалхойн бIаьрг тIехь сецнарг. Цушиннах хьарчийна бехк тероризмца а, экстремизмца а хьакхалуш бу.

Балатбиевс кегийрхойн коьртеш хьийзош хилла боху, Шемарчу тIаме баха марздеш, ткъа Гехаевс, бизнесхо хиларе терра, финансашца гIо латтош хилла новкъабовлучарна.

Иштта ю Iедалхойн верси.

Карарчу беттан хьалхарчу дийнахь Балатбиевн дов луьстуш, кхеташо яра дIаяхьа лерина. Маршо Радион аьтто ца белира я кIентан гергарчаьрца а, я цара лаьцначу адвокатца Магомадовца а уьйр таса.

Хьалхарнаш Iедалх ца хIуьттуш, шолгIаниг, ца дуьйцучу бахьанашца, зIене ца волуш.

Делахь а, лаам хилира Гехаев Хьасанан адвокатан Бадаев Вахин Маршо Радиоца вистхила. Цуьнгара хиира тхуна, муха йирзира Балатбиевн кхел а.

- "Мемориалан" бакъонашларъяран сайто Iорадаьккхина Шелан кIоштарчу Чири-эвларчу шина вахархочунна, Балатбиев Изноврна а, Гехаев Хьасанна а дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдарх. Юьхь муха ю цу гIуллакхан? ТIаьхьакхиаехьа со…

- ТIаьхьа кхиа а, ца кхиа а хIума а дац цигахь. Документашка хьаьжча хуур ду, фабрикаци ю-кх иза, даим а санна, кабинет чохь хиина Iашшехь, дуьхьал айдина гIуллакх. 205-гIа артиклца бехк тIелацийтина Гехаевга.

- ШолгIа шо а ду Гехаев лаьцна латтон…

- Цхьа шо дуьзна..

- Лоцуш, хIун аьлла лаьцна ву иза?

- Лоцучу хенахь шен чуьра дIавигина ву иза, даим а санна. Кхаа баттахь сов, стохка гурахь лаьцчахьана, стенгахь ву а ца хууш латтийна Iедало иза. ХIинца зуламан бехктакахаман гIуллакх а айдина, гучуваьккхина.

- Мел хан йолуш стаг ву иза?

- 29-30 шарера жимстаг ву иза.

- Бизнесхо ву иза, зорбано ма яздарра?

- ХIаъ, шайн доьзалан бизнес ю церан лелош. I986-чу шарера кIант ву-кх иза.

- Шуьшиъ вовшашна гина вуй? Хьо цунна тIе а кхочуьйтий?

- Ву дера. Карарчу шеран хьалхарчу баттахь дуьйнна муьлххачу а хенахь тIе а воьдуш, ган а гуш, Iаш ву со-м.

- Муьлхачу хьолехь карийра хьуна иза? Йиттина, тIехь ницкъбина-м вац?

- Йиттина аьлла, йина экспертиза а ю цуьнан. Цхьана экспертизо хIуммаъ ца дина боху, шолгIачо кегдина пIендарш а гойту, ток еттийтинехь а, пIелга тIехь таммагIа а ду, ма-дарра ала тарлац и хIун лар ю аьлла, йина ю цхьа экспертиза.

Вовшашна бIостане ю-кх и ший экспертиза. Оха йозуш йоцуш кхи а цхьа экспертиза яйта аьлла, лаьтташ ду-кх церан и дов.

- "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна ахчанца гIо-накъосталла латтийна аьлла, бехке веш ву Гехаев?

- Ца боху дера. Юьхьанца и дара цара цунна дуьхьал деттарг, цхьаъ-м оцу тобанхошна тIевахийтина бохуш. И вахийтинарг а мичахь ву а ца хаьа кхарна, я вахийтина ца вахийтина а ца хаьа. Шега духалург дехча 21 эзар сом ахча делла Гехаевс. Ахь вахийтина ву иза бохуш, латтош ду-кх цара и дов.

- Бутт хьалха Устрада-гIаларчу цхьана жимчу стагна эзар сом делла аьлла 3 шо хан кхайкхийна, ткъа кхо делларг 21 эзар ду…

- ТIаккха 63 шо тоха дезаш ду-кх (воьлу). Ишта-м дийр хир дацара кхара. Иштта гуттар телхана дац хIара гIуллакх.

- Хьоьга хаьттича, цхьа а алиби юй оцу Гехаевн?

- Соьга хаьттича а, хьоьга хаьттича а, алиби шаерриг а ю цуьнан, цхьаъ а цунна ала хIума долуш бац. Шайна лаахь, схьа а дуьйлий, кхеле охьаховша, цигахь гур ду-кх шуна а цуьнан бехкбоцийла.

- Кхел йиллина дIахьур йолуш юй?

- Дала мукьалахь! Йиллина ца хилча йиш йоцуш кхел ю и. Оьрсийчоьнан низамашца, кхиазхочун кхел я пачхьалкхан къайленашца йоьзна ца хилча, къоьвлина хуьлуш яц.

- Маца хир ю Гехавен кхелан хьалхара ладугIийла? Де билгалдаьккхиний?

- Цкъачунна билгалдаьккхина дац. ХIинца а кхеле гIуллакх дIахьажийна доцуш, лаьтташ ду церан дов. Цхьацца кхачамбацарш нисдан дезаш. Кху кIиранах я тIедогIучу кIиранах цхьа йист яла там бу.

- ХIара Гехаев а, Балатбиев а тIаьхьий, хьалхий лаьцна ву?

- Стохка Гезгамашин-баттахь дуьйнна лаьцна ву Балатбиев а, хIара а. Суна хетарехь, 24-чохь лаьцна ву Гехаев, ткъа Балатбиев 26-чу дийнахь лаьцна. Верриг а 27-28 стаг хилла уьш лаххьийна дIабигина цу деношкахь. Уьш берриш а дIахецна, маьршабаьхна, хIара шиъ бехке ву аьлла, чохь сацийна.

- Кху беттан 1- чу дийнахь дов хоттуш дара Балатбиевн. Муха йирзира-те цуьнан кхел?

- ХIаъ, и Балатбиевн дов дара. Цхьацца бахьанашца дIатеттира цара цу дийнахь кхелан кхеташо. Кхечу суьдхочуьнга дIадала там болуш ду цуьнан гIуллакх.

- Ваха, хIинца ахь хьайна тIелаьцна Гехаев Хьасанан гIуллакх. Оцу къовсамехь хьо ларор ву аьлла хетий хьуна?

- Нагахь санна низам болх беш делахь, со тоьлар ву аьлла хета суна. Низамаш лардеш делахь, толам ца хилча йиш яц вайн. Нагахь санна, низамаш хьоьшуш делахь, и ша ду…

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG