ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лоьхучу зудчо хаийтина ша йолу меттиг


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Официалан хьастано дийцарехь, Теркйист кIоштан Iелин юьртара 39 шо долу яхархо хилла Нохчийчуьрчу талламан комитетан белхахоша лоьхург. Ши бер а дуьгуш, цIераяьлла хилла иза кхушеран бIаьста дуьйна. Марсхьокху-баттахь иза лехамашка елла цо шеца дIадигинчу шина беран дехоша.

Цаьрга а, шен цIерачаьрга а хьаам беш, кху деношкахь цу зудчо зIенехула хаийтина ша йолу меттиг а, ша лечкъаш лелаш цахилар а. Хиллачу хIусамдега цIерачара бераш дIадалар тIедожош Iаткъам бан болийча "едда" иза цIера, боху цуьнан гергарчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG