ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вьетнамехь Путинца цхьаьнакхета дагахь ву Трамп


Япони -- Президентан Трампан кема охьахиъна Яопонехь йолчу Iамеркан тIеман базехь. Токио, Лахьан-бутт 5, 2017.
Япони -- Президентан Трампан кема охьахиъна Яопонехь йолчу Iамеркан тIеман базехь. Токио, Лахьан-бутт 5, 2017.

Iамеркан президент Трамп Доналд Японе кхаьчна. Цига воьдуш кемантIехь цо журналисташка хаам бира, Азехь йолчу пачхьалкхашкалу 12 денна лерина визит дIахьош Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхета дагахь ву ша аьлла. Президентан Трампан кема охьахиъна Яопонерчу Iамеркан тIеман базехь.

Трампан а, Путинан а цхьаьнакхетар хила мега Вьетнамерчу Данангехь Лахьан-беттан 10-чу а, 11-чу а деношкахь хир йолу Азин а, Тийначу хIордан а экономикан юкъаметтигаш лелоран форумехь.

Трампа Азерчу шайн бертахошца йийцаре йийр ю Къилбаседа Корейно зарратан герз дарца йоьзна проблема. Иза дIайоккхуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дуьненаюкъараллана накъосталла дийр хиларга сатесна ву Iамеркан президент Трамп Доналд.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG