ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йеменан армино ракета тоьхна Эр-Риядана


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Хуситийн гIаттамхоша буьйранчалла дечу Йеменан тIеман ницкъаша ракета тоьхна СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхан коьртачу гIалан Эр Риядан дуьненаюкъарчу кеманпортана.

CNN телекомпанино бинчу хаамца, баллистикан ракета хецна хилла Лахьан-беттан 4-чу дийнахь. СаIудийн эскархоша чуяийтина иза. Йохийначу ракетан куьскаш охьаэгна Эр-Риядан къилбаседа-малхбелен йистехь. Вийна а, лазийна а стаг вац, дина зе а дац, хаам бо СаIудийн хьастанаша.

Шен агIор шиIатийн-хуситийн гIаттамхоша урхалла дечу Йеменан тIеман министралло дIахьедар дина, шаьш хецна Burqan 2H олу ракета шен Iалашоне кхаьчна аьлла.

ШиIатийн-хуситийн гIаттамхоша цу тайпа тIелатар дуьххьара деш дац. Иштта, кхушеран Товбеца-баттахь цара Макканна тоха хьажийна ракета чуяийтира СаIудийн эскархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG