ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

11 принц, 4 министр, иттаннаш хилла министраш лецна СаIудехь


СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх -- СаIудийн паччахь хир волу принц Мухьаммад, Эр-Рияд, Дечкен-бутт 25, 2017
СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх -- СаIудийн паччахь хир волу принц Мухьаммад, Эр-Рияд, Дечкен-бутт 25, 2017

СаIудийн Iаьрбийн паччахьо Салмана балхара дIабаьхна Iедалера коьрта декъашхой. Принцан бен Салман Мухьаммадан аьттонаш алсамбаха дина аьлла хета иза оцу махкахь.

Паччахьо дIакхайкхийна, принцан Мухьаммадан омрица Лахьан-беттан 5-чу дийнахь дукха хан йоцуш кхоьллинчу коррупцийца къийсам латтон комитето 11 принц а, 4 министр а, иттаннаш хилла министраш а лецна аьлла.

Официалан хаамехь хьахош яц церан цIерш. Амма СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхан коьрта официалан векло бинчу хаамца, дIалецначарна юкъахь миллиардер бин Талал Алвалид а, финансийн министр хилла ал-Ассаф ИбраьхIим а ву аьлла.

81 шо долчу паччахьо керла министраш хIиттийна чоьхьарчу кхерамазаллица а, экономикица а доьзначу коьртачу шина дарже.

Паччахьо динчу омраца, къоман гвардин буьйранча хIоттийна бен Айяф Халед. Цо хийцина цу даржехь хилла бен Iабдулла Митеб.

Принц Митеб вара хьалха СаIудийн Пачхьалкхан рогIера паччахь хила веза принц. Амма паччахьо Салмана хийцира и кеп, паччахь хир волу принц 32 шо долу Мухьаммад хир ву аьлла.

Принц Митеб тIаьххьара стаг вара Салман вале паччахь хиллачу IабдуллахIан гонера хIинцалерчу Iедалехь лаккхара дарж дIалаца аьтто болчерах. Паччахь IабдуллахI велира 2015-чу шарахь. Цуьнан метта паччахь хIоьттира цуьнан дена вина ваша Салман.

Паччахь хир волчу принцо Мухьаммада дIахьеар дина «2030 шо гар» цIе йолчу реформийн планаца, мохк мехкадаьттанах бозуш хиларх хьалхабаккха, цхьадолу шира низамаш а хуьйцуш, экономика а кхиош, пачхьалкх хийца дагахь ву ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG