ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг лаьцна полицино Москох юккъехь


Маршо Радион архивера сурт.

Москох юккъехь Тверан булбарана гергахь 2 стаг лаьцна полицино. YouTube-каналехь «Нейромир-ТВ» видео тIехь гуш ду, лаьтта охьавиллина ши стаг хилар. «Открытая Россия» хьастано хаам бо, 19 стаг лаьцна бохуш.

Видео тIехь гуш ду лецначарна уллехь лаьтташ ОМОН-ан белхахой хилар.

Болчу хаамца, Петарбухехь а лаьцна полицино масийтта стаг, хаам бо «Эхо Москвы» журналисто Веснин Арсенийс. Цо дийцарехь, цу гIалахь полицино дIакхайкхийна контртерроран операци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG