ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теркйистехь лецначу кегийрхоршна дуьхьал гIуллакхаш ийдеш ду


Маршо Радионе гергарчара бечу леткъамашца, 3-гIа кIира доладелла Теркйист кIоштехь лецна кегийрхой полисхойн урхаллехь чубоьхкина латтош болу. "Бакласин", "Лирика", Тропикамид" цIерш йолу адамийн синлаттам тебеш долу, амма масийтта цхьана дIамелча корта дIонгIаз боккху, веттарчий олу таблеткаш дохкарна лецна болчу кIентех цхьайтта-шийттанна дуьхьал бехк токхаман гIуллакхаш долийна,тайп-тайпа анаша а, марихуана а олу кIомал юхкуш, уьш лецна сурт кхуллуш.

Цхьаболчу наноша дийцарехь, шолгIа лецначарна деш ду и тайпа таIзар. И халонга даьлла, нохчийн адвокатех бIо ца булуш, арахьара ХIирийн махкара а, Ставропол мехкан Курской кIоштера а шайн берашна адвокаташ лоьцуш бу лецначийн дай-наной.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG