ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Техасехь нах байар толлуш ду полицино


КIирандийнахь Техас штатерчу Сазерленд-Спрингсан баптистийн килсехь мича бахьанашца герз диттина 26 шо долчу Келли Патрик Дэвина цкъачунна къастанза ду полицина. ТIаьххаьрчу хаамашца, 26 стаг вийна, 20-нна гергга чевнаш йина цо. Пхеа шарера 72 шаре кхаччалц хенаш йолу нах бу байинчарлахь. Пасторан 14 шо кхаьчна йоI а йийна оцу зуламехь.

New York Times газетано хаамбарца, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман- хIаваан ницкъашлахь гIуллакх дина а ву Келли. Масех шо хьалха шен зудчунна а, жимачу берана а тIехь ницкъбарна 12 бутт набахтехь яккха хан а кхайкхийнера цунна.

КIирандийнахь килсехь шайн динан хьашташ кхочушдан дан гулбелла хилла меттигера бахархой-баптисташ. Килс чуьра арабовлучу юкъанна оццу юьртарчу цхьана вахархочо гер детта долийнера царна тIе. Шена Келлина а йина чевнаш, хIетте а аьтто баьлла цуьнан машенахь зулам динчуьра къайлавала. Иза лохуш тIаьхьабевллачу бахархошна карийра иза йохийначу машенчохь велла.

Iамеркан президент Трамп Доналд кадам беш вистхилла. Президентна хетарехь, Келли психикан проблемаш йолуш хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG