ТIекхочийла долу линкаш

Теркйист кIоштан Ломаз юьртахь газ а иккхина, дийна висинчу веа кIантах цхьаъ, Макаев ТIаусан кIант кху деношкахь цIа валийна Лаха Новгород гIалин лазартнехь дарбанаш а лелийна, чевнаш дIа а йирзина.

Гергарчара Маршо Радионе дийцарехь, карарчу хенахь цуьнан могушалла вон яц. Хууш ма-хиллара, ши бутт а сов хьалха суьйранна иккхинера Ломаз юьртахь яго газ МисарбиевгIеран доьзалехь.

Оьрсийчохь уггар тоьллачех цхьаъ йолчу Лаха-Новгород гIаларчу дарбанан цIийне кхачийначу веаннах кхоъ тIаьхьий хьалхий дIакхелханера цигахь.

XS
SM
MD
LG