ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь пхеа дийнахь Туркойчуьрчу бIаьргийн лоьраша тIеэцна, могушалла теллина эзар сов стеган, йина иштта операцеш а аьлла, хаамбина махкарчу могушаллан министраллан векало «Кавказан узел» агенталле.

Болчу хаамашца, туркойн лоьраш Соьлжа-ГIала баьхкина байначу беттан 30-чу дийнахь, парламентерчу социалан политикан, могушаллан, спортан комитетан «Дуьненчуьра лоьраш» организацица хиллачу бертаца.

"Туркойчуьрчу говзанчаша пхеа дийнахь бIаьргийн кеп-кепара лазарш долчу120 стагна операцеш йина мехаза. Лоьрашна гIо деш бара меттигера медикаш", - аьлла, дIахьедина агенталле могушалла ларъяран министраллан белхахочо.

Эпендиевн цIарахчу республикан клиникан дарбан цIийнехь дIадаьхьна Туркойчуьра баьхкинчу лоьрийн бахархойн могушалла таллар.

XS
SM
MD
LG