ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Болх белаш, вежарий!" кино йоккхур ю Дагестанехь


Стохка аьхка гIаттамхоша вийначу полисхочух, Оьрсийчоьнан турпалхочух Нурбагандов Мохьмадан дахарх кино йоккхур ю Дагестанехь. Халкъан чоьтех яккха лерина ю и филм. Кavtoday-н информацица, «Тхан кегийрхой» киностудино Оьсийчоьнан полицин 300 шо кхачарна лерина гойтур ю и кино.

Карарчу хенахь актерийн кастинг дIаяхьа а, декорацеш ян а, кхи а цхьацца хьашташна ахчанаш ду вовшахдетташ интернетан машанехь. 60 миллион сом гергга ахча оьшур ду фил йоккхуш.

«Болх белаш, вежарий» цIе йолчу оцу киночохь ролаш ловзор ю Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а актераша.

Стохка Товбеца-беттан 10-чу дийнахь Iорадаьккхира Избербашехь гIаттамхойн тоба хIаллакйинчул тIаьхьа, церан телефонашчохь Нурбагандовна тIехь кхел еш видео карийна хилар.

ГIаттамхоша, хьайн белхан накъосташка ницкъаллийн структурашкахь болх ма бе алий, кхайкхамбе аьлла, тIедожийча, «Болх белаш, вежарий!», - аьлла дара Нурбагандовн тIаьххьара дешнаш.

Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе тиллира цунна, иза кхелхинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG