ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецерчу турнирехь толамаш баьхна нохчийн спортхоша


Швецерчу Востерос гIалахь мукьаденошкахь дIабаьхьира желтойн-римхойн латарийн Дуьненаюкьера кьийсамаш. Данера а, Финляндера а, Германера а, Норвегера а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а 119 клубера 700 сов спортхо вара цу турнире гулвелла. Масийта пачхьалкхашкара баьхкинчу нохчийн спортхоша цхьа могIа толамаш бехира цигахь.

Иштта уггаре а жимчарна юккьехь толаман меттигаш бехира Норвегерчу Тимирбиев Лорсас а, Мусаев Анзора а, Швецерчу Султанов Тимурс а. 14 шаре бовлазчу кхиазхошна юккьехь Тимирбиев Идалс деши а, Тутаев Мохьмада дети а даьккхира.

Дешин мидалш ехира баккхийчеран категорехь леташ хиллачу Швецерчу Керчиев Халида а, Данерчу Бисултанов Райбека а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG