ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIиричохь динчу зуламца "нохчийн лар" ца карийна


ХIирийн мехкан Мазалк кIоштехь полисхошна герз тоьхначарна юкъахь нохчий ца хилла.

ХIирин мехкан Мазалк кIоштахь полисхошна герз тоьхначарна юкъахь нохчий хилла бац аьлла, кхаьчначу хаамо хьаам бина вайнахана.

Бен-бечу къаьмнийн диаспорашна юкъахь догазаллаш а кхуллуш, шуьйра дийцаре деш лаьттира иинцидент, ши бутт хьалха тIай тIехь лаьттачу полисхойн постана тIе, кхо низамхо лаза а веш, герзаш тохар.

Вайнахах дегабаам бар алсамдоккхуш хIума хилла и тохар Нохчийчуьра схьабогIучу некъаца, Мазалк гIалина чувулучу меттехь, Калининск эвлана юххехь нисдалар.

ХIетахь оьрсаша а, хIираша а, нохчаша а цхьабосса коьртах а даьккхина дийцаре дина, геннара герз тIе а дуьстина, муьлш бу ца хуу нах къайлабовлар.

"Туькана тIехьара герз тIе а кIирдина, къайлабевлла. Буьйсанна тоьхна герз. Масех лаза а вина. Бехкенаш лохуш бу", - герггарчу барамехь ишта дуьйцу шайна хуучух могIарерчу наха.

Цхьаболчара и бехке хилар йоккхачу шеконе а дуьллуш, и герз тоьхначу тобанан декъашхо ву аьлла, ГIадужу- беттан 26-чу дийнахь Iедало лаьцна 28 шо долу Черваев Алим.

Мазалк кIоштехь бехачу вайнаха даре дарца, сацийнарг гIумкийн къомах стаг ву. Цунах дуьйцуш ву дукха хена дуьйна а цигахь вехаш волу Дандиев Хьасан.

"Суна хетарехь и лаьцнарг гIумки ву я турко ву, нохчо вац. Хабарш-м дуьйцура, и меттиг нисьеллачу муьрехь вайнахана тIе томмагIа тоха санна. Цхьадика иза бакъ ца хилла",- боху дукха хенахь дуьйна а Мазалкехь вехачу Дандиев Хьасана.

"ЧерваевгIар гIумки бу. И мичара ву ала ца хаьа суна. Цу зулам юкъахь нохчо хиллехь, и дижа ца дуьтуш, кхайкхош а хир дара, хаза хетахь бен цуьрриг хала а ца хеташ, - элира 30 шарахь сов Мазалкехь вехаш волчу Чимаев Майрбека. - Билггал хууш ду нохчий цу юкъехь хилла бац, ткъа и лаьцна бохург шеко а йоцуш гIумки ву".

И герз тохарх а, и бохаме меттиг бахьанехь вайнахе цхьана кепара кхийдош бехк цахиларх а, шаьш нохчашлахь бечу балхах а хадам боллуш дийцира Мазалк кIоштехь диаспора коьртехь волчу Хатаев Нурдис.

"Черваев гIумки ву. Цхьа-а нохчо цу юкъахь хилла вац. Суна хууш цхьа турко а хилла, гIумки а хилла. Ишта меттигаш ца хилийта, вайнехан вон цIе ца яккхийта, оха хаддаза дIахьош болх бу кегийрхошлахь а, студенташлахь а. Тхайн кIоштехь бехачу нохчашлахь тхан вовшех цакхетам бан а бац, тхуна мотт карабо. Гуттар а бале бовлурш, сакъера а, самукъадаккха а цхьана ханна тIеоьхуш болу кегийрхой бу. Молий а, узий а, тухий а цара латтабо тхоьгахь сингаттам, - боху диаспоран коьртехь волчу Хатаев Нурдис.

Гуьйренан хьалхарчу баттахь, герзаш а дуьйлуш, Мазалкехь нисьеллачу Iоттабаккхамечу меттигах дийцина Хатаев Нурди а, Iар-дахар а, болх-некъ а цигахь нисдина беха кхиберш а тешна бу, массо къаьмнийн цхьаьнакхетараллаш вовшех дага а йовлуш, вовшашца зIе а латтош, болх баро, Iедалхошца йолу юкъаметтиг буьйлина мерз санна ца хуьлуьйтуш, кхетамечу, тешамечу хорша ерзор ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG