ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь йоьллур ю Азербайджанан экс - президентан цIарх парк


Алиев Гейдар шен доьзалца. 1983ш
Алиев Гейдар шен доьзалца. 1983ш

Азербайджанан хиллачу президентан Алиев Гейдаран цIарх парк йоьллур ю Соьлж-ГIалахь карара шо дерзале. ТАСС агенталле бина и хаам гIалин мэро Хучиев Муслима.

"ГIали юккъехь йина йоллуш лаьтта Алиевн цIарх парк. 10 эзар еакIов метар латта дIалаьцна оцу парко. Къаьсттина садоIийла хазйир ю йоьгIначу монументо а, мехкарийн шина бIаьвно а", - аьлла шахьаран мэро.

Азербайджанан президент хIоьттира Алиев Гейдар 1993-чу шарахь. 1998-чу шарахь харжамашкахь шолгIа а толам а баьккхина, куьйгалехь висира иза. 2003-чу шарахь Iамеркехь дарбан цIийнехь кхалхар нисделира цуьнан.

Алиев Гейдаран цIарх ю Бакура дуьненаюкъара аэропорт а, музей а, ю иштта кхоьллина фонд а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG