ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь лаьцначу нохчийн зудчун кхел БагIдадехь йийр ю


Ши бутт хьалха Иракъерчу Мосулехь лаьцна хиллачу къоначу нохчийн зудчунна кхел БагIдадехь йийр йолчух тера ду. Иза лаьцнера ДаIиш тобанера тIемалой Мосулера арабаьхначул тIаьхьа и гIала схьаяккхинчу кхурдойн эскархоша. Кхин а кхоъ Германера дIаяхна зуда я лаьцера хIеттахь, цхьаъ нохчо, важа немцо, шиъ мароккхо.

Юхьанца и йиъ зуда немцойн арахьарчу гIуллакхийн министралло Германе схьаялон там бу аьлла хаам бира Iедалхоша. Амма Маршо Радионе цу нехан кхоллам тергал бечу Германерчу радикализацина дуьхьало яран цхьаьнакхетаралло бинчу хаамца, хетарехь, цкъа хьалха Иракъерчу Iедало шаьш царна тIехь кхел йийр ю, терроризмана и йиъ зуда бехке а еш.

Цул тIаьхьа немцойн димломатийн ка дала а а мега, уьш Германе сехьа баха элиа Маршо Радион хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG