ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохарчу полицига харц хаам барна бехкевина вахархо


Москохарчу полицига харц хаам бина телефонехула «Олимпийский» спорткомплексехь оьккхуьйтург ю йоьллина аьлла, хаамбо «Москва» агенталло.

"Шинаридийнахь Iуьйранна полицига хаамбира, Нохчийчуьра баьхкинчара бомба хIоттош ю «Олимпийский» спорткомплексехь аьлла. Кхи хеттаршна жоьпаш ца луш, телефон дIаяйира хаамбечо. Оцу сохьта Адмиралан Лазаревн цIархчу урамерчу цIа чохь лецира горгали баийтинарг. Шен доттагIчуьнца цхьана къаьркъа молучу хенахь", - аьлла, дийцина агенталле полисхочо.

Цо бахарехь, зуламан бехктакхаме гIуллакх а долийна оцу харц хаам бинчу стагна дуьхьал. Иштта, «Олимпийский» спорткомплекс чуьра 2 эзар гергга стаг араваьккхинера, амма лехарх бомба ца карийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG