ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь – Европа: Башхаллаш Кремло Къилбаседа Кавказца гойту


RUSSIA -- Russian President Vladimir Putin delivers a speech during a session of the Valdai Discussion Club in Sochi, October 19, 2017
RUSSIA -- Russian President Vladimir Putin delivers a speech during a session of the Valdai Discussion Club in Sochi, October 19, 2017

Алпаут Рамазан

Европан мехкашкахь автономехьа гIерташ го регионаш, ткъа Оьрсийчохь федералан центро шен дола оьцуш ю республикашкара маршо

Европан пачхьалкхашкарчу цхьацца регионаша кест-кеста дIахьедо шайна алссам маршо а, автоними а оьшу, олий. Маршо Радионо дуккхаза а дийцина, масала, Испанех Каталони маьршаяла гIертарх лаьцна. Эксперташна цхьацца битамаш юкъара карабо Каталонерчуй, Къилбаседа Кавказерчуй хьелашца.

Каталони чIагIлуш ю Испанех мукъаяла лаарца. Оцу юкъанна Италерчу шина шина регионо а дIакъадийна Риме шайна цо маршо совъяккха еза аьлла. Хиллачу референдумашкахь Ломбардино (95%) а, Венетоно а (98%) хаийтина шайна автономи оьшийла.

Bloomberg-о бахарехь, Италерчу регионаша маршо йийца йолийра Шотландех масал а оьцуш. Шотландхоша 2014-чу шеран бIаьста референдумца болийра рогIера маршонан болам.

Washington Post-о тидарехь, Шотланди шен референдумца ала йоллура Европан Бертах дIакъаьстачу Лондоне: маршонашца ийна проблемаш ерриг а Британин хилла ца Iа, цуьнан дакъойн а ю. BBC-на хетарехь, шотландхой Ингалсенах дIакъаста гIерташ бацахь а, хаийта гIерта шайна центрера алссам паргIато оьшийла.

Британи, Испани, Итали, изза сепаратизман хьу шен регионашца а еха Франци а – уьш унитаран пачхьалкхаш ю, урхалла дерриг а санна коьртачу шахьарийн карахь а лелаш. Цул совнаха, маршонехьа гIерта мехкаш банне а бац къен а, я центрера рицкъ оьшуш а, мелхо а, уьш шаьш бу шайн пачхьалкхийн бюджете дуккха а ахча дIахьийсош . Цара массара а доьхург цхьаъ ду – алссам автономи.

Ткъа сепаратизмо огучу Оьрсийчуьра хьал дустийла дац Европерчу мехкийн оццу боламца. Оьрсийчохь хиллачул а совйолуш ю Iедалан централизаци. Къилбаседа Кавказ схьаэцча, бут батте мел болу го цуьнгара цкъа цхьаъ, тIаккха важа бакъо дIа а оьций, Кремло шен долаерзош.

Мехкаша шайн бакъонаш Москох «дIахьежайо», Оьрсийчоь федеративан пачхьалкх йоллушехь, шаьш, Европерчу унитаран пачхьалкхашца дуьстича, дуккха а маьрша хила доггIушехь.

Къилбаседа Кавказера юкъархой хьийза кху муьрехь шайн мехкийн куьйгалхой халкъе харжийта беза, бохуш. Цара дийцарехь, Кремло къастийначара Кремлна гIуллакх до, халкъан хьашташ кIел а дуьтуш. Къаьсттина Къилбаседа Кавказерчу регионийн парламенташ ю оцу инициативана тIера.

Хьалхо, Маршо Радиоца къамел динчу вевзачу журналисто Шевченко Максима а билгалдаьккхира регионийн парламенташ бакъонашца чIагIъян догIу, аьлла.

Дехьа-сехьа хьийсочу финансашка хьажча, Кавказерчу регионашна я совъяьхна, я барам ца хуьйцуш йитина дотацеш. Кремль кхоьру и мехкаш таронашца чIагIбалийта, аьлла хета дуккхаъчу тергамчашна. Цара бахарехь, Путинан Iедало ахча алссам кхийдораш мехкаш бац, цигара элиташ ю – уьш шена муьтIахь кхабархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG