ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн могушаллина зен дина лор балхара йохийна прокуратурано


Нохчийчоьнан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца талламаш дIабехьира, «Кавказ.Реалиин», Маршо Радион сайташ тIехь зулам дина лор даржехь лакхаяьккхина аьлла информаци яьржинчул тIаьхьа. Мехкан куьйгалхочуьнга дехар динера Соьлж-ГIалин яхархочо шен могашчу йоIах заьIапхо йинчу лоьрашна доггIу таIзар дахьара аьлла.

2013-чу шарахь лоьмар 2 йолчу республикан берийн клиникан дарбан цIийне кхачийнера 3 шо долу йоI цхьа кIезиг сиркхо хьакхаелла.

Беран могушалла кхачо йоллуш талла а ца толлуш, харц дарба лелорна, жимчу йоьIан могушаллина доккха зен динера оцу дарбан хIусамерчу лоьраша Яхъяева Амната а, Жамалаева Заирас а, Халухоева Оксанас а.

Хьалхара шиъ балхара дIаяьккхинера хIеттахь, беран нанас кхеле гIуллакх делла, теллинчул тIаьхьа. Зуламхо жоьпе озо магийна хан тIехъяьлла аьлла, 2016-чу шарахь кхело бехках ялийтинера хирург Халухоева Оксана. Цул совнах, керла дарж деллера цуьнга - хирургин декъан куьйгалхо.

Шен йоIах инвалид йина лор шен белхан декхарш кхочушдеш йисиний хиинчу йоьIан нанас Такалаева Кулсума шолгIа арз динера Iедалхошка.

Прокуроран омраца бинчу талламехь харцо гучу а яьлла, балхара йохийна кху деношкахь Халухоева Оксана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG