Iамеркан Yahoo компанин хиллачу куьйгалхочо Майер Мариссас Сенатан ладегIаршкахь дIахьедина, 2013-чу шарахь Оьрсийчуьрчу хакерша 3 миллиард сервисан аккаунташ яьстина, къоладина хиларх Reuters агенталло бо и хаам.
Iамеркан Iедалхоша шо хьалха гучудаьхна и терахьаш. Компани хIинца а тIаьхьакхуьуш яц, муха аьтто хилла хакерийн.
Компанин экс-директор ша хиларе терра, Майера хIора а Yahoo сервисерчу аккаунтан долахочуьнга шена гечдар доьху.
Стохка Iай дуьххьара хааделира, хакерша динчу тIелатарх. Ший а тIелатар цIе ца яьккхинчу цхьана пачхьалкхан бехках ду аьлла хетара компанина. Кху шеран Зазадоккхучу-баттахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн юстицин министарлло бехкевира Оьрсийчоьнан кхо вахархо, царех шиъ къайлахчу сервисийн белхало а хиллера.
Кханнах цхьаъ Докучаев Дмитрий Iай Москох лаьцнера пачхьалкхна тешаме ца хилла, ЦРУ-на къайлах информаци дIалуш хилла аьлла, бехке а вина.