ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чохь Iашшехь паспорт даккха а, коммуналан ял дIаяла а таро хир ю бахархойн


housing and public utilities
housing and public utilities

МФЦ, оьрсийн маттахь аьлча, (многофункциональный центр), дуккха а таронаш йолу центраш ю гIаланашкахь а, кIошташкахь а кхуллуш. Бахархойн хьашт-дезарш листаран портал кхолларехь Оьрсийчоьанн регионашлахь Нохчийчоь уггар тIаьхьайисинчех цхьаъ ю, Iедалхоша чIагIдарехь. Цундела и кхачамбацар дIадаккхарна тIехьажийна, хIара шо чекхдалале массо тIегIан хьаькамаш декхаре бина, куьйга кIел болу белхалой а, амал ма-дду дукха церан гергарнаш а, хинболчу пайданах кхета а беш, цу портале дIаязбалийта.

ХIора вахархочо цу порталехь шен хIусам-кабинет схьайоьллу, код а йолуш, шен хьокъехь хила мел беза хаам чохь а болуш. Iедалхоша дийцарехь, цул тIаьхьа бахархойн таро хир ю юкъалелаш стаг а а воцуш, паспорт даккха а, машенан бакъонаш а хийца а, чуьра ара а ца волуш газан, тоькан, хинан ял охьайилла а, эшахь лор кхайкха а, низамхошка орца деха а, и кх. дIа а. Ма-дарра аьлча, цу порталан гIоьнца 50 гергга хьашт -дезарш листалур ду бахархошка чуьра ара а ца бовлуш.

Маршо Радион хьосташа чIагIдарца, массо а тIегIан хьаькамашна уггар хьалха тIедиллинарг ду хинйолчу аьттонах нах кхетор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG