ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веданахь 73 доьзал вовшахтоьхна комиссино


Парламентан депутаташ цхьанакхетта Веданахь оцу кIоштарчу къанойн кхеташонан куьйгалхочуьнца Джафаров Iаьрбица а, боьхна доьзалш вовшахбеттачу белхан тобан декъашхошца а. Джафаровс чIагIдарехь, Веданан кIоштахь 73 доьзалан барт бан аьтто баьлла, кхин а 110 вовшахкхета лаам болуш а бу.

Къанойн хьалханчас кхи дIа а доьзалш ларбаран, вовшахтохаран болх цхьаьна дIабаьхьча кхиаме хирг хиларх тешна ву ша аьлла.

Юкъараллан, динан организацешца юкъаметтигаш латточу департаментан жамIашца, йоллу Нохчийчохь кху аьхка дуьйна билгалбевлла боьхна 4064 доьзал, вовшахтоьхна 1219, цхьацца шарIан билламашка диллича, юхаметтахIотто аьтто боцуш дисина 702 зудий, майрий.

Шайн доьзал цхьана кхерча берзо реза ца хилла 1569 стаг

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG