ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паращук Джоанна: ЦIечу ЖIаро цIаберзор бу Иракъера кавказхой


Британерчу аналитикан IHS центран аналитико Паращук Джоаннас «Кавказан узел» агенталле хаамбина, Оьрсийчуьра 231 вахархочух лаьтта тептар Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран комитете дIакхачийна хиларх, Иракъера церан даймахка берзор сихдархьама. Тептарехь бу доккхачу декъанна Нохчийчуьра а, Дпагестагнера а бахархой. Къилбаседа Кавказера схьабевлла и бахархой Иракъан эскарша Мосул а, Тел-Афар а ДаIишхойх мукъаяьккхинчул тIаьхьа йийсаре лаьцна хилла аьлла Паращука.

"Иракъан эскарша закъалтехь латториш «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанхойн доьзалш бу. 231 стаг ву ас вовшахтоьхначу тептартехь. Гергарчара лоьхуш бу шайн нах. Суна хетарехь, ЦIен ЖIара хуьлучу каппашкахь бу царех дукхахберш, я берриш хила а тарло", бохуш, дийцина аналитико агенталле.

Церан гергарчарна а, журналисташна а дихкина ду уьш латточу керта баха. ХIинццалц аьтто хуьлура цига кхача Reuters агенталлан журналисташна.

Маршо Радионо шен сайтехь яздира, кху деношкахь Оьрсийчуьра берашца 30 сов зуда а, Узбекистанера а, Казахстанера а шайн доьзалшца 10 нана а Шемара Соьлж-ГIала кхачор ю гергарчу хенахь, аьлла. И хаам еаридийнахь Инстаграмерчу шен аккаунтехь бинера Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун векална Сабсаби Зиядна тIедожийнера, Узбекистанан а, Казахстанан а бахархой Шемара схьабаха.

ТIаьххьарчу кхаа баттахь Иракъера а, Шемара а 25 зуда а, бераш а цIадерзийна Оьрсийчу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG