ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Iадаташ довза таро хилира Лахарчу Австрин бахархойн


Австрерчу ТIайнаш олучу гIодаран цхьаьнакхетараллин, нохчийн диаспорин цхьаьна болх барехь меттигерчу Санкт Андре олучу гIалахь дIаяьхьира меттигерчу бахархошна нохчийн Iадаташ а, култура а, истори а йовзийтарна лерина суьйре. Венехь а, Лахарчу Австрехь а бехачу вайнаха дийцира гулбеллачарна, нохчийн къам шен шира истори а йолуш, вуно ша-башха култура а, ламасташ а долуш хиларх. Нохчийн барта кхолларалла а, духарш а, кхачанаш а муха хуьлу а дийцира.

Цхьаьнакхетаре гулбелла хиллачу меттигерачу бахархоша а, юкъараллин жигархоша а дуккха а хеттарш дира нохчийн диаспорин векалшка, хаамийн гIирсашкахь нохчийн кегирхойх лаьцна кест-кеста зорбане довлучу негативечу йозанашца доьзна а, Оьрсийчоьнан, Нохчийчоьнан юкъаметтигех лаьцна а, Австрехь бехачу нохчийн Iер-дахарх лаьцна а.

Къаьмнашна юккъера барт а, кхетам а алсамбаккхархьама и санна долу цхьанакхетарш кхечу гIаланашкахь а дIадахьа барт хилира суьйренан декъашхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG