ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" футболан тобанна гIуда тоьхна


Оьрсийчоьнан футболан союзан комитето таIзар дан сацам бина «Ахмат» футболан тобанна, цуьнан фанаташа маьттаза маьхьарий деттарна, иштта «Ростован» коьрта тренер Кучук Александр а бехкево, техникан дозанна тIехваларна.

Кху беттан 4-чу дийнахь «Ахматан» толамца дирзира Соьлж-ГIалахь «Ростовца» ловзар.

Еаридийнахь Оьрсийчуьрчу футболан союзан комитетан кхеташонехь Кучукна 30 эзар сом гIуда тоьхна, суьдхочуьнгара пурба а доцуш доза хадорна.

20 эзар гIуда хьарчийна «Ахмат» клубах. Хьовсархоша оьзда доцу маьхьаршца дешнаш хазийтарна бехк биллина царна, яздо комитетан сайта тIехь.

Арбитр Сельдяков Владимир сийсазвохуш маьхьарий диттина хилла «Ахматан» фанаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG