Оьрсийчохь лаьцначу Клых Станислава 6 де даьккхина комехь аьлла, хаамбина цуьнан нанас. «Крым.Реалии» радион эфирехь бина и хаам ГIирмерчу жигархочо Афанасьева Ольгас, ненан хаамна тIе а тевжаш.
Клых коме а вожале, оьрсийн психиатраша тоьшалла динера цуьнан могушалла талхарх.
Стохка бIаьста Нохчийчуьрчу кхело 20 шо хан тоьхна Клых Станиславна а, цуьнан накъостна Карпюк Николайна а. И шиъ бехкево, Оьрсийчохь йихкинчу украинахойн националистийн УНА-УНСО партин декъахь а волуш, 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь оьрсийн эскаршна дуьхьал тIемаш барна.
Алсам цIий а ду цушинна тIехь - 30 эскархо вийна, 15 лазийна цара, боху талламчаша. Адвокаташа Малофеев Александра а, Дубровина Маринас а чIагIдора, царна йиттина даьхна цаьргара уьш лецна латточохь тоьшаллаш бохуш. Ши украинахо тешнабехкаца лаьцна, вадийна кхачийна Оьрсийчуьрчу кхеле, чIагIдо Украинерчу хьостанаша а.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ