ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгахула адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан декъахочо, «Объектив» информацин, аналитикан агенталлан куьйгалхочо Саратова Хедас «Кавказ.Реалии» портале дийцина, ша урхалла дечу организацин цIарах 619 вахархочуьнгара дехарш-кехаташ кхаьчна хиларх, Гергарчу Малхбалера шайн зударий а, бераш цIадалош гIо дахьара аьлла. Къилбаседа Кавказера хилла ца Iа дехарш дийраш, бу уьш Къилба Оьрсийчуьра а, Татарстанера а, Башкирера а.

"Мосулан гонахахь хилла ву тептарера 231 стаг, бу уьш зударий а, бераш а. Царна тIекхочийла а дац, Мосул ДаIишхошкара схьаяьккхичхьана цаьрца зIе хилла яц. Наношна шайн доьзалех дерг хаа лаьа. Фейсбукерчу сайн агIонтIехь ас зорбане яьккхинчу список тIера 44 стаг леринчу рейсаца Шемара Соьлж-ГIала кхачор ву кху беттан 13-чу дийнахь. Узбекистанера а, Казахстанера а, Башкортостанера а, Татарстанера а, Ставрополера а, Дагестанера а, Нохчийчуьра а бахархой бу уьш",- хаамбина Саратова Хедас.

Кхечу регионийн бахархошна дуьхьал баьхкина хир бу оцу мехкашкарчу экстремизмна дуьхьало латточу центрийн векалш.

XS
SM
MD
LG