Iамеркан президентан Трамп Доналдан невцо, цуьнан хьехамчан даржехь волчу Кушнер Джареда стохка президентан харжамашкахь хилларг довзийтарна Time Warner корпорацин куьйгалле CNN телеканалан ах белхахой балхара дIабаха аьлла, кхайкхамбина. The Wall Street Journal газетано бо и хаам.
Time Warner корпорацин цхьахволчу куьйгалхочуьнца Гинсберг Гаррица цхьанакхеттар хиллачу Кушнера, яздо газетано, президентан харжамех харц жамIаш дина, информаци Iораяккхарна 20 процент белхахой балхара мукъабита аьлла хилла Джареда.
КIайчу ЦIийнан векало The Wall Street Journal газете дIахьедина, шен дешнаш корпорацин куьйгалло тидаме оьцур ду аьлла ойла йина ца хилла Кушнера, цундела, президентан хьехамча CNN телеканалан гонахарчу ситуацина тIаьхьакхиа гIоьртина, шен болу хьажам а бовзуьйтуш, аьлла президентан администрацехь. Делахь а, Time Warner корпорацин синтем бохийна Кушнеран дешнаша.
Iамеркан президентан харжамашна кечамаш бечу хенахь а, Трамп хаьржинчул тIаьхьа а, CNN-телеканалан журналисташа масийттазза хаамбира Кремлца юкъаметтигаш хила тарло Трампан бохуш.
Харц информаци яржорна бехкейира телеканал хIетахь Трампа.