ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалахь Ганнушкинн а, Милашинна а дуьхьал митинге баханчу зударшна 1000 соьмаш делла


Еариндийнахь Соьлжа-гIаларчу кхелана хьалха дIаяхьанчу адамийн бакъонашларъярхошна дуьхьал митингехь дакъалаьцна хилла зударий Iедалан хьукматхоша нуьцкъаша гулбина бигина бара цига бохуш, чIагIдо шен цIе яккха ца лиинчу Маршо Радион хьостано. Ша а яра оцу митингехь дакъалаьцначарна юккъехь бохуш, дийцинчу цу гIеметтахIоьттинчу зудчо чIагIдо, шена а, кхечу зударшна а хIоранна а 1000 сом делира дуьхьалонан акцехь дакъалацарна, бохуш.

Цо дийцарехь, и митиинг хир йолуш юйла цунна а, кхечу цуьнца балхахь хиллачу зударшна а цу дийнахь бен хиина дацара, куьйгалхочо шу цига даха деза аьлча бен. "Цига ца дахча тхо девр доцийла хаийтира тхуна", - бохуш чIагIдо цо, зударех цхьаболчара мелла а резадацар къадийча, куьйгалхочо цига баханчарна ахча лур хилар а хьахийра, "шу-м мехаза дуьгуш дацара цига" бохучу хьесапехь.

Митинг мичахь хир ю а, хьанна я стенна дуьхьал хир ю шайна шаьш микроавтобус чохь дуьгуче дIакхаччалц хиина а дацара бохуш, дийцира зудчо.

Шайн карахь хилла плакаташ а оццу автобус чохь дийкъира шайна бохуш чIагIдо цо.

Маршо Радионо дийцира, бакъонашларъярхочунна Ганнушкина Светланина а, "Новая газетана"а дуьхьал айдина гIуллакх луьстучу Соьлж-ГIаларчу кхелан гIишлонна хьалха бIе сов адам латтарх еаридийнахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шайна харцонца дуьхьал даьккхинчу дов хаттарехь бара бакъонашларъярхой.

Шуьйтан кхелан сацамна дуьхьал бакъонашларъярхоша кховдийначу апелляцина жоп ца деллера Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело.

Кассацин арз дан дагахь ю комитетан куьйгалхо Ганнушкина. Цо бахарехь, 6 бутт хан ю цуьнан кечам бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG