ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зидан: Суна дукхаеза Оьрсийчоь а, цуьнан къам а


Мадридерчу «Реалан» коьртачу тренеро Зидан Зинедина Оьрсийчоь а, цуьнан къам а шена дезаш хилар хаийтина, яздо «Лента.ру» интернет-портало. Шен фанаташна баркалла а олуш, иштта вистхилла иза: "Суна даим езна Оьрсийчоь а, оьрсийн къам а, оцу пачхьалкхца мел доьзнарг а деза суна. Сайн карьерехь даим хаалора суна Оьрсийчуьрчу сайн фанатийн гIолацар».

Зиданна хетарехь, тIаьххьарчу 25 шерачохь Оьрсийчоь исбаьхьа пачхьалкх хилла дIахIоьттина. "Наггахь кхочу со цига, сайн мукъа хан нисъелча. Петарбухахь а хилла со, цигахь а долу сан самукъа", - аьлла тренера.

2018-чу шарахь Оьрсийчоьно тIелоцур йолчу Дуьненан футболан чемпионатехь дIахьур йолчу матчийн цхьа дакъа Соьлжа-гIалахь дIадахьаре сатуьйсура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIинцале дуьйна цуьнан цIе гIараяккха гIерташ, дуьненна а бевза футболах ловзархой кхойкху цо. Амма царна уггаре а чIогIа ган лууш хилла Францера футболан ветеран Зидан Зинедин реза ца хилла Нохчийчу ваха.

Ша цига воьду боху Нохчийчура Iедалан сайта тIехь хилла хаам харц бира цо шен доларчу вебсайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG