ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин премьер-министре дарж дитийта гIерта депутаташ


Британин премьер-министр Мэй Тереза даржах мукъаяккхар доьхучу кехатна куьйгашяздан кечам беш ву 40 депутат-консерватор. The Times газетано бо и хаам. Депутаташ реза бац, Великобритани Евроберта юкъара арайолу Брекзитах дийцарш цо дIадахдарна.

Оцу бахьанца Брюсселехь кху деношкахь керла йокха-эцаран юкъаметтигех дийцарш дар сацор ду аьлла кхерам тесна. Премьер-министре дарж дитийта тIе ца тоьа кхи а 8 куьг.

Бутт хьалха Мэйс къамел дира Брекзитах лаьцна. Цо чIагIо йира, 2020-гIа шо карадале Лондоно Евробертана хьалха шен бюджетан декхарш кхочушдийриг хиларх.

Брекзитах долу дийцарш Лондонна а, Брюсселна а юкъахь долийна кху аьхка, 2018-гIа шо дерззалц дIадахлур ду уьш.

2016-чу шарахь британхоша Евроберта юкъара довла лаьа шайна аьлла кхаьжнаш теснера. 1973-чу шарахь дуьйна яра Великобритани Евробертан юкъахь. Дуьххьара пачхьалкх ю и цуьнан гурашкара араяла лаам хилларг

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG