ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан бюджете 17 миллиард сом далар къобалдина Думан комитето

 Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан бюджетера Нохчийчоьнна ахча далар дийцаре дира кхушеран бIаьста Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Москох, Заз.30, 2017.

Нохчийчоьнан аьттонаш алсамбохуш 17,081 миллиард сом ахча дала мегаш ду республикан бюджете 2018-чу шарахь. Цунах лаьцна сацам бина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан бюджетехула а, ял яккхарехула а йолчу комитето. Нохчийчоьнна ахча далар дехнера Оьрсийчоьнан министрийн кабинето.

Дотацеш хьажор ю Нохчийчу, Оьрсийчоьнан Федерацин леррина программа кхочуш еш, хаам бо ИА REGNUM агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG