ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джабраиловс тапча кхийсина, наркотиках кхетта а волуш


Нохчийчоьнан цIарх сенатор хиллачу Джабраилов Умара тапча кхийсина хилла Москох Four Seasons хьешан хIусамехь, кокаин олучу наркотиках кхетта а волуш, яздо "Коммерсанто".

Цу наркотикан ларш карийна хилла Джабраиловгара цIий эцначу лоьрашна. Кокаинах кхетарна кхело гIуда тоьхнера соовдегарна. Ткъа Лахьан-беттан 22-чу дийнахь цунна тIехь кхел йийр ю Москох Тверан кIоштан суьдехь.

Кремлна дуьххьалчу отелан тховх герзаш диттина аьлла, еанчу полицино лаьцна вигинчу Джабраиловс РБК агенталле дIахьединера, ша мелла а, я наркотикех пайдаэцна а хилла цахилар. Иштта цо бехкбиллира хьешан цIийнан белхахошна, шена провокаци ярна а. "Отелан белхахоша карзахваьккхинера со, цундела ас иштта бунт айира царна дуьхьал», - аьллера Джабраиловс РБК-н журналисташка.

ТIаьхьо цо дийцира тIамо тIеIаткъам баран жамI дара ша иштта лелар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG