ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь бисинчу махкахошна гIо дийр ду Кадыровс


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Нохчийчоьнан Iедалша онда болх беш бу, тIемаш боьлхучу меттигашкара Оьрсийчоьнан бахархой цIаберзош аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Федералан центрца цхьаьна болх беш ду шаьш Шемахь зударий а, бераш а долу меттигаш билгалйохуш а, уьш къастош а, цIа балош а, хаам бина Кадыровс шен инстаграмерчу агIона тIехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша гIо дийр ду аьлла, цу хьолехь нисвеллачу хIора а Оьрсийчоьнан вахархочунна.

Оршотан дийнахь кеманца Шемара Соьлж-ГIала кхачийна 40 сов стаг, шайна юкъахь 12 зуда а йолуш. Цу нахана юкъахь бу Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Орловскан кIоштара а, Узбекистанера а, Казахстанера а бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG