ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу талорхошна кхел еш ю Дрезденехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ГIадужу баттахь дIайолаеллера Дрезденерчу кхелехь Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а орамаш долчу талорхошна тIехь кхел. Бутт баьллачул тIаьхьа керла тешаш а ле беш, кхин дIа а шен болх болийра цу процессо.

Кхеле озийнарг пхи стаг ву. 15 стагах лаьттачу талорхойн тобанехь зуламаш дарна лецна и нах. Уьш бехке беш бу наркотикаш йохка-эцарна а, бизнесхошкара кхерамаш тийсарца ахчанаш дахарна а, герз лелорна а, нахана ницкъ барна а.

Царна тIекхайкха веана вара оршотан дийнахь цхьа 34 шо долу нохчо. Пхеа полисхочо лар а веш, кхеле валийначу цо дийцира, ша наркоман ву, героин ца хилча ца мегаш ву ша, бохуш. Ша и героин олу наркотик духкуш а вара, цхьана Чехерчу стагана цунах ясакх а луш, бохуш дийцира цо.

Амма 2015-чу шарахь шена етта а йиттина, хIинцачул тIаьхьа ясакх шайна лур ю ахь аьлла тIедожийра шена лийцинчара, элира цо. Ша, кхера а велла, ведча, цара шен нанна а кхерамаш тийсира, бохуш дийцира тешо.

Цкъачунна хенаш кхайкхина яц лецначарна. Маршо Радион корреспонденте Дрезденерчу кхелан векалша бинчу хаамца, кхаарин дийнахь оццу Дрезденехь церан тобанехь хиллачу кхин а кхаа нохчочунна тIехь а кхел йолалур йолуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG