ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижерчу конференцехь дуьйцу Оьрсийчуьра а, Кавказера а хьал


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Кху деношкахь Францин коьртачу шахьарахь дIахьош ю меттигерчу университетан Оьрсийчоьнехула а, Кавказехула а, Юккъерчу Европехула а йолчу институто Iуналла дон Iилманан конференци. Шарахь яхлур йолчу семинарийн могIа болош вовшахтоьхна ю иза.

«ТIеман урхалла: Оьрсийчоьнан империн пачхьалкх а, цуьнан 19-21-чу бIешерашкара тIемаш а» цIе йолчу Iилманчийн семинарашкахь а йийцаре еш ю Оьрсийчоьно бинчу а, карарчу хенахь бечу а тIемийн башхаллаш.

Семинарийн могIа вовшахтухуш декъа йолчу Оьрсийчоь а, Кавказ а талларан институтан векалша Маршо Радион корреспонденте дийцарехь, конференцехь а, цул тIаьхьа дIахьон йолчу семинарашкахь дакъалоцуш бу Францера а, кхечу пачхьалкхашкара а Оьрсийчоь а, Кавказ а дика евзаш болу эксперташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG