«Сбербанко» куьйгалхо хIоттийна Нохчийохь долчу шен декъан. Иза ву 45 шо долу Подсвиров Андрей, хаам бо «Кавказский узело».
Сбербанкан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочун дарж даьсса дуьсуш дара Товбеца-баттахь дуьйна. Хьалха цу даржехь хилла Джабраилов Сайд-Мохьмад лехамашка веллера Нохчийчуьрчу Iедалша, цо банкан операцеш дIахьош бозбунчаллаш лелийна аьлла.
Болчу хаамца, 2015-чу шарахь дуьйна Къилбаседа ХIирийчохь "Сбербанкан" декъехь болх беш хилла Подсвиров Нохчийчу хьажийна цхьана ханна.